«Нохчийн г1иллакх- оьздангалла»
Тахана «Литературное краеведение» объединеняхь 1ама йира тема: «Нохчийн г1иллакх- оьздангалла».
Занятин 1алашо: адамашна юккъехь лела оьзда г1иллакхаш довзийтар, уьш дийцар. Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар, цунах дешархой кхетор.
«Нохчийн г1иллакх- оьздангаллин г1ала замано йохор яц, нагахь вайх х1ораммо а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн кьам мел деха»,- аьл дийцара ДДЮТиЭ хьехархочо Абубакирова М. Х.